Бекалахь ненан мотт!
23.04.2021Мазал а мерза бу чам хиъначунна,
Дуьненан бахам бу хьайх кхиъначунна.
Нохчашна санна, хьо хьоме бу хьанна?
Бахалахь, нохчийн мотт, массо а ханна!
Нохчийн мотт - уггар а хазчех хьо хазна,
Хьо беза, хьо бийца декхар ву х1ора.